Шемахь йийсаре лаьцна волу Оьрсийчуьра Цуркану Григорий тIом беш хилла цу пачхьалкхехь «Вагнер» олучу долахь йолчу компанехь. Цунах лаьцна хаам бина Маршо Радионе, цуьнан вашас Романа. Цо дийцарехь, йолах салтташна алапа латтош ду Оьрсийчоьнан Iедалш.
Цуркану Романа бинчу хаамца, цуьнан ваша Шема тIаме вахана Стигалкъекъа-баттахь. Амма цо хьулдеш хилла ша волу меттиг. Иза цуьнан дуьххаьрлера «командировка» яцара, боху Цурканус. Цунна ца хаьа шен ваша билггал хIун деш хилла Шемахь.
Цуркану Романа дийцарехь, цуьнан ваша 2014-чу шарахь тIом беш вара Украинин малхбалехь, герзаца болчу сепаратистийн могIаршкахь. Донбассехь тIом барна цунна сих-сиха луш хилла мидалш а, орденш а.
Цуркану Романа шена ца вевза боху, «Исламан пачхьалкх» тобанан декъашхоша яьккхинчу видео тIехь волу шолгIа стаг.