ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Набахтехь тутмакхашна тIехь латториг Iазап ду-кх!"


Хьалхо Вологда кIоштарчу набахтехь бусулбанаша, шайн бакъонаш хьоьшу набахтин хьаькамаша аьлла, кхайкхийна мацалла сацийна. Амма бац синтем хIетте а церан гергарчарна.

Вологда кIоштан набахтерчу тутмакхаша, шайна юкъахь дуккха а нохчий а болуш, мацалла кхайкхийнера кIира хьалха.

Цара арз деш дара, шайна тIехь бехк-бахьана а доцуш, таIзар деш ду аьлла. Иштта цара хаам бинера, бусулба нахе ламаз ца дойтуш, лаьтта тосу куз а, КъорIанаш а дIадаьхна аьлла.

Оцу набахтера тутмакхашна тIехь латтош дерг гIарадаьккхинарг ю цу чохь хан токхучу Магомерзаев Адаман нана Iайшат.

Маршо Радиоца шинарийндийнахь зIене яьллачу кIентан нанас хаамбира, тутмакхаша мацалла сацийна аьлла. Набахтин куьйгалла озаделла и гIуллакх гIарадаларх аьлла, дийцира цо шен къамелехь.

"Селхана, суьйрана дуьйна и мацалла цара сацийна. Юкъараллехь гIовгIа яьлла цигахь, «сацаяхьара аш» бохуш, дехарш дина цаьрга. Етта а етташ, царна тIехь ницкъ бина хилла цара. Шайна кIордийна и гIуллакх, хIора дийнахь чу а лелхаш, набахтерачу изолятор чохь дахкош ду шаьш, цундела кхайкхийна шаьш мацалла бохура цара".

Нохчийн тутмакхаша дIакхайкхийначу дуьхьалонан акцина тIетайнера кхиъ чохь бахкош болу нах. Бусулбаниш хилла дуккха а. Къаьсттина цхьаберш билгал а бохий, царна тIехь бахьана а доцуш, таIзар дина аьлла дийцира шега боху Магомерзаева Iайшата.

Тутмакхашна тIера харцо сацаяйта гIерташ прокуратуре а, меттигерачу бакъонашларъярхошка а арз дина хилла Вологда яхначу Магомерзаева Iайшата. Амма и гIуллакх журналисташка гIарадаьллачул тIаьхьа бен лартIе дан ца доладелла аьлла, кхин дIа а дийцира цо.

"Сайн ма хуьллу оцу гIуллакхан тидам бан гIерташ яра со. Прокуратуре а, адамийн бакъонашкахула векалате а яхнера со. Шаьш бахийтина цига нах, гина дац бакъонаш йохор аьлла, и гIуллакх шайн кочара а доккхуш, жоп деллера суна. Оцу набахтехь бусулба нахана тIехь латториг таIзар ду-кх".

Магомерзаева Iайшатна, иза нана хиларе терра, синтеме дац мацалла сацийна шаьш аьлла, шеаг хаам кхаьчнехь а.

Тахана иштта делахь а, кхана-лама кхечу агIор дерза мега иза, цундела и гIуллакх шен тидамехь латто дагахь ю иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG