ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн Нохчийчоь – Путинан масале Оьрсийчоь ю"


Оьрсийчоьнан цхьана а регионехь синтеме бац бахархой.

Москохарчу журналистна Кашин Олегна къиза еттарна бехкевина Псков кIоштан хилла губернатор Турчак Андрей, хIинца «Цхьаалин Оьрсийчоьнан» инарла кхеташонан секретар хIоттийна.

Доккхачу декъанна хIара истори ю, Оьрсийчохь цхьана а меттехь маьрша адам цахиларх, я Нохчийчохь а, цигахь тIепаза бов Кадыровна критика йинарш, я Дагестанехь а, кхузахь полисхоша бойу кегийрхой, цул тIаьхьа гIаттамхой бара уьш олий, дIакхайкхадо.

Яц кхерамзалла я Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь а.

33 шо долчу хенахь дуьххьара Псковн кIоштан урхалле хIоттийра и политик. Карьерехь баккхий кхтамаш баха аьтто хилира цуьнан, да Турчак Анатолий Петарбухарчу долахойн а, бизнесхойн а союзан а президент а, «Ленинец» холдинган коьртехь а хиларна а.

Ткъа цъадолчу хьасташа дийцарца, Путин Владимирца цхьана хенахь дзюдо лелла ву иза.

Турчак Андрей бехкево Кашин Олега, шена тIелатар а дина, чевнаш ярна.

2010-чу шарахь ша вехачу цIенна уллехь йиттинера репортерна.

«Коммерсантехь» болх бинчу журналиста бахарехь, ша сийсазваккхарна хьаькамо бекхамбина хиллера Кашинна.

Ткъа ша Турчака, шена тIедохку бехкаш юхатоьтту.

Ши шо хьалха Турчака Псков кхайкхира Кашин, юьхьдуьхьал а хиина къамел дан дагахь. Журналист реза ца хилира, дуьалхIотта.

Довхочуьнца кхелан хIусамехь бен цхьанакхетар вац ша элира репортеро.

Шен да верна ша бехкевен Немцова Жанна а кхайкхира Соьлжа-ГIала Кадыров Рамзана.

ЙоIа а тIе ца дитира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар. Цул а полици гIо хьийхира Немцовас, мукIарло дан.

"Иштта ду-кх хIара дахар, хIун дийр ду, сан да а ма вийна", - жоп деллера Кадыровс.

Кадыров а, Турчак а доттагIаллийн уьйрашкахь ву.

ХIоразза а дезачу деношкахь декъалво цушиммо вовшийн, масийттазза Нохчийчохь хилла «Цхьааллийн Оьрсийчоьнан» керла секретар.

Кадыровн регионехь журналисташна етта, церан автобус ягайо, ткъа шолгIачу куьйгалхочун регионехь репортерийн машенийн чкъургаш яссайо.

Нохчийчохь бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йийра, къизаллашна дуьхьалояран комитетан офисна тIелатар до.

Донбассехь оьрсийн десантникаш байар толлучу Псковн меттигерчу парламентан депутатна Шлосберг Левна етта.

Амма цхьа башхалла ю цу шинна юккъехь, Турчака а, цуьнан гоно а Инстаграмехь суьрташ ца ухку, шайн оппоненташна тIе герз хьажийна, я кхерамаш а ца туьйсу, шаьш жIаьлеш тIехоьцур ду бохуш, спортехь бовдучу некъатIе а ца хIиттабо, Iедал къинтIера доккхуш.

Ша Кашина а дуьйцу масех башхаллех.

Псковн кIоштарчу эвлашкахь ширделлачу рекламийн баннершца тхевнаш тохку, ткъа Нохчийчохь чIогIа лекха тIекIел гIишлош югIу, мраморх маьждигаш до.

"Кадыров винчу денца декъалван Ван Дамм Жан-Клод а, Суонк Хилари а догIу, ткъа Турчакан тойнехь Полозкова Вера а, Салахова Айдан а хуьлу, - дуьйцу Кашина. - Кадыровн да муфтий вара, ткъа Турчакан да – ницкъе, вехаш стаг вара. Цундела иштта атта а дац Кадыров Москох схьа а валийна, цунна болх нисбан".

Кхи цхьа аргумент а ю аьлла хета журналистна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна пайден.

"Кадыровна еза а еза Нохчийчоь, цигахь иза хийра а вац, Псковна Турчак санна", - боху журналиста Кашин Олега «Кавказ.Реалиица» хиллачу къамелехь.

Цхьана Нохчийчуьрчу а, Псковерчу а Iедалша леладо шайна луъург аьлла чIагIдойла яц.

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Мурдалов ТIахIирна парламентан спикеро Даудов Мохьмада еттар дуккхаъчарна дагадогIу хир ду, амма массарна а ца хаьа Иркутскан кIоштарчу Черемховон мэран вешо, депутата Семенов Сергейс школан директорна Антипина Ксенина тIелатар дийнийла.

Муниципалан харжамашкахь агитаци ян еза аьлча дуьхьалъяларна балхара дIаяьккхира иза байначу беттан 10-чохь.

Дагестанерчу полисхоша тIемалой бара аьлла байинчу ГасангусейновгIеран вежарех Гасангусейнах, Набих лаьцна массарна а хууш ду.

Ницкъаллийн структурийн белхахоша шина кIанта тIелатар динера шайна, цул тIаьхьа дуьхьал герз диттина, вийнера и шиъ шаьш аьллера.

"Полицино шайн декхарш кхочушдеш цахиларан бахьанашца сан берашна 8, 11 патарма дегIах тоьхна, - бохуш, воьлхура шина кIентан да Муртазали. – Цушиннах гIаттамхой бан гIерта Iедалхой. Оьрсийчоьнан байракх бухахь бехар буй тIемалой? Массарна а гуш яра, и шиъ вехачу цIенна тIехула кхозу оьрсийн байракх".

Бехкенаш тахана а таIзаре балийна бац. Уггар а резонансе даьлла гIуллакх дара и, ткъа мел дукха кегийрхой байна полицин дакъошкахь.

Мичча хенахь а шайн хIусаме баьхкинчу полисхошна граната я наркотикаш карор юйла хаьа бахархошна шайн цIийнах, цара шаьш богIуш еана йолу.

2015-чу шеран гурахь Къилбаседа ХIиричуьрчу полисхоша тIехь ницкъбина вийра 39 шо долу Цкаев Владимир.

Юхьанца Iедалхоша инфаркт хилла велла аьлла долийра, амма цуьнан гергарчара социалан машанашкахь даржийра веллачун тIаьххьара суьрташ. Царна тIехь гуш ду, къиза йиттинчу цунна тIехь дисина таммагIаш.

Кадыровн луьра критика а еш, цуьнан харцонаш Iораяьхна журналист Политковская Анна ерах массарна а хезна.

Амма кIезигчарна дагахь ву «Химкин бакъдерг» газетан коьрта редактор Бекетов Михаил.

2008-чу шарахь къиза йиттинчул тIаьхьа заьIап висира иза. Цул тIаьхьа масех шо даьлча, велира. Ша Бекетовс дийцарехь, тIелатар динера цуьнан администрацица хилла конфликт бахаьана долуш. Химкера хьун хаькхарх а, коррупцех а лаьцна цхьа могIа артиклаш арахецнера цо.

Хьан вен кхачийнера Бекетов, хIинца а къастаза ду.

И тептар чакхе а йоцуш, кхи дIа а дахдойла ю."Тхо дийна ду, цкъачунна бакъо ло тхуна даха", - боху Къилбаседа ХIиричуьрчу журналисто Фарниев Заура.

Кадыровн Нохчийчоь - Путинан масале Оьрсийчоь ю, цуьнан хьалхара, кхиаме мохк, кхийолчу Оьрсийчоьнан регионаша а масала эца тарлуш аьлла хета Кашинна.

"ХIоразза а, айса Нохчийчоьнах лаьцна язъеш, ас билгалдоккху, автобус Оьрсийчохь ягийна хилар, къизаллашна дуьхьалояран Комитетна тIелатар а Оьрсийчохь дина хилар, гейшна тIаьхьабевлла, царна тIехь Iазап а Оьрсийчохь латтош хилар.

Немцов верна набахте хьовсийнарш а Оьрсийчоьнан эпсарш хилар", боху «Кавказ.Реалиица» къамел деш Кашин Олега.

Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх санна билгалъякхар – 90-чу шерашкара нохчийн сепаратизман рецидив ю1, - боху журналиста Кашин Олега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG