ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох «ГIайгIанан пен» схьабелларна дуьхьал бу бакъонашларъярхой


Диссиденташ.
Диссиденташ.

Политикан репрессеш лайначу нехан де дагалоцуш, хьалхара юкъараллан мемориал схьайоьллур ю тахана, ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь, Москох. «ГIайгIанан пен» олу и хIоллам хIоттош бу Академикан Сахаровн а, «Садовое кольцо» а некъаш вовшахкхеттачехь.

Шозза тIекъалдина цIанан локхалла йолу монумент хир ю масийтта арканах лаьтташ. Цуьнан пенашна тIехь тайп-тайпанчу меттанашкахь яздина ду «Диц ма де». ХIолламна гонах йолчу территорина тIехь охьадехкина ду ГУЛАГ-ан хиллачу лагершкара а, набахтешкара а деана тIулгаш.

ХIоллам схьабоьллуш дакъалаца дагахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Советан заманахь хиллачу диссидентех а, политикан тутмакхаш хиллачу нахах а лаьттачу тобано ша дуьхьал хилар хаийтина и хIоллам Москох хIотторна. Царна хетарехь, монумент схьаеллар шен хеннахь а дац, сийсаза а ду.

«Iедалан шалхонаш къобул яр оьзда доцу хIума ду», -- яздина Советан пачхьалкхехь демократин боламан хиллачу декъашхоша Каспаров.ру. сайта тIехь зорбане баьллачу кхайкхамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG