ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британехь веха Зармаев цкъачунна дIалур вац Оьрсийчоьне


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчохь стаг верна бехке вина Зармаев Iаьрби чуволла мегаш ву, харц тоьшалла а дина. Цу хьокъехь дуьйцуш ду Лахьан-беттан 3-чу дийнахь Лондонерчу кхело бинчу сацамехь, хаам бо «Кавказский узело».

Зармаевс Белгехь тховкъело ехна хилла 2002-чу шарахь. 2009-чу шарахь иза лаьцна цхьамогIа зуламаш дина аьлла. МухIажиран статус дIаяьккхина цуьнгара, цхьа шо ах шо хан а тоьхна. Оццу хенахь Оьрсийчуьрчу Iедалша Белге кехат хьажийна хилла, Зармаевна экстрадици яр доьхуш.

Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело юхатуьйхира Оьрсийчоьнан дехар, ткъа Зармаев дIавахара Британе. Цигахь иза лецира полицино 2015-чу шарахь. Британехь кхело къобул дира Зармаев Оьрсийчоьне дIавалар, Оьрсийчоьнан Iедалша шаьш иза хьийзор вац аьлла кехат даийтича.

Амма Зармаевна дуьхьал тоьшалла динчу зудчо, шена ницкъ бича харц тоьшаллаш динера ша аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа Лондонан Лекхачу кхело (Her Majesty's High Court of Justice in England) хийцина шен сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG