ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вай Iехош ду Шемахь долчу хьолах"


Шема дIакхаьчначу шолгIачу дийнахь дуьйнна дохковаьлла, цул тIаьхьа 7 баттахь юха даймахка ван некъаш лехначу кIанта ларбо кегийрхой тилабаларх.

Дахначу кIирнах Соьлж-гIалахь кегийрхошца кхетош-кхиоран рогIера цхьанакхетар вовшахтоьхнера. Юкъаралхошца цхьана веанера цига жима стаг Мажаев СаIид. Иза Шемахь динан радикалан тобанехь 7 бутт а баьккхина, цIавирзина ву масех шо хьалха. Набахтехь кхело шена тоьхна хан яккха а кхиира иза.

Ша маьрша ваьлча, шенна лиъна цунна кегирхойн «бIаьргаш делла». И кхеташо дIаяьлча Маршо Радиоца къамел дира цо, шена Шемахь гинчух а, ша цига вахарна дохкохваларх а.

"Сан ойланца, цигахь болчу бусулбачу нахана гIодан нийгат а дина, вахана вара со. Цигара видеошка а хьежна, сайн доьзална а иштта нах орцахбовла луур дар-кх аьлла, хеташ. Амма со цига дIакхаьчча кхин сурт дара суна цигахь гинарг, - бохуш, дуьйцура СаIаида, -со цига дехьаваьлла хьалхарчу деношкахь кхоллаеллера сан шеконаш. Цигахь тIе мел веана стаг гул а вина, тхоьга элира байIат дан деза аш аьлла. Паспорташ а дIадехира тхоьгара.

Суна ца дезнарг дара, лууш ца хилча байIат ца дан йиш ца хилар. Паспорташ дIадахар а ца дезнера суна. И хиича, хьо кхуза вала веана вац, хьо юхаваха веана ву, элира соьга", дагалоьцу СаIида.

Шена гуттар а дазделларг а, цул тIаьхьа шен дохковийлар чIагIдаларх а дийцира СаIда.

"Цхьа автобус сацийнера цигахь оцу гIалара арайолуш. Герзаца а бацара цу автобус чуьра нах. Кхераме хIуммаъ а яцара цаьргахь. Цу чуьра боьрша нах саца а бина, хеттарш дира цара. Со суо а вара цигахь теш хилла.

Царна юккъера 6 стаг сацийра. I6 шо долу кIант а вара, 50 шарал а тIехваьлларг а вара. ШозлогIачу дийнахь церан кортош дехира. Церан хьажам шайна хетачуьнца богIуш цахиларца дина хиллера цара и зулам. Иза дара суна ца дезнарг. Видеороликаш тIехь дерг ду моьттура суна. Амма со кхийтира со Iехийнийла. Оцу ворхI баттахь эзарзза дохкохвелира со цига вахарна", аьлла, далхийра СаIида.

Цигахь кавказхой гирий хьуна, муха яра церан дог-ойла, шега хаьттича иштта кхи дIа дийца волавелира Мажаев: - "Вовшашка ца дуьйцура оха дагара. Вовшака тешам бацара цигахь. ЦIахь лелийна цIераш а ца йохура вовшийн цхьаболчара. ТуьтмIаьжгаш лелош нах а бара цигахь. Конспираци чIогIа лелайора. ЦIабахка кечбеш нах а бара, кхузахь диверсеш ян. Дохкохбевлла нах а бара цаьрца. Туркойчу дехьа а бевла, цигара цIабахка луурш а бара".

Шемахь ах шо сов хан а яьккхина цIавирзича, Мажаев СаIид ша тIевахнера низамхошна. 2014-чу шарахь кхело цунна ши шо хан кхайкхира набахтехь яккха, амма йинчу аппеляцица Лаккхарчу кхело ах шаре охьбаьккхира и сацам.

!Сан сайн лаам бара цIаван. Суна гинарг харцо яра. Со Туркойчу сехьваьллачул тIаьхь а суна тIеоьхуш нах бара, хьо цIа водахь, хьуна таIзар дийр ду бохуш. ТIаккха гуттар а со нийса ву аьлла хийтира суна. Со галваьллехь а, со кхето везаш бара уьш. Цуьнан меттана суна кхерамаш тийса буьйлабеллера, хьалхаваьлла шайн эмир а волуш", бохуш, дийцира кIанта.

Нохчийчуьра кегийрхой кхетош-кхиоран болх дIахьош ву тахана Мажаев СаIид, ша санна Iеха а белла, уьш харцахьарчу новкъа ца бовлийтархьама.

"Суна оцу ворхI баттахь гинчо кхетийна вай Iеха а деш лелош ду цара аьлла. Массанхьа «Шишани» дош хьалха а доккхуш, вай доьналла долуш ду бохуш. Вайн дукха кIентий, яхь, доьнал йолу дIакхелхина цигахь, Шеман латтано дукха нохчийн кIентий хьулбина. Вай Iехош ду цигахь".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG