Шуьйтан кхелан сацамна дуьхьал бакъонашларъярхоша кховдийначу апелляцина жоп ца делла Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело.
Кху аьхка Ганнушкина Светланас Фейсбукерчу шен агIон тIехь, Кенхи юьртара Джалалдинов Рамазан Iедало кхерамаш тийсинчул тIаьхьа ведда аьлла яздича, Шуьйтан кхело гIуллакх меттахдаьккхира, цо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сий дайина аьлла. Иштта бIаьрго лецира Милашина Еленин артиклаш а.
Шина а агIоне ладоьгIначул тIаьхьа еаридийнахь Лакхарчу кхело Шуьйтарчу суьдхойн агIо лаьцна. «Новая газетан» адвокато Заикин Петра «Кавказ.Реалии» портале дийцина, кхелан сацам къовса бух бу шайн аьлла.
Бакъонашларъярхой кхелан хIусамчуьра арабовлучу хенахь, бIе сов стаг вара царна дуьхьал ваьлла плакаташца лаьтташ. Буламе хьал хиллехь а, суьдхойн пурстоьпаша гIо лацарца, маьршша гона юкъара бовлар хилла бакъонашларъярхойн.
Хьалхо Маршо Радионо хаамбинера, Соьлж-ГIаларчу Батуман урамерчу кхелан гIишлонна уллохь гулбелла меттигера бахархой хиларх, шайлахь алсам зударий а болуш. Церан карахь дара плакаташ «Каляпинан докладехь дуьйцучул а бакъ ду базарахь лела эладиттанаш», «Ганнушкина, хIун мах бу тахана францхойн сийлахьчу легионан мидалан», «Милашина, ямартлонан я сутараллин хьожа ю Iамеркхойн долларийн», «Ма чIечкъа, либерал, хьан зама тIекхаьчна» аьлла, йозанаш а долуш.
Нохчийн Iедална критика йина Кенхи эвлара Джалалдинов Рамазан тахана къайлаваьлла, шен дахарна кхерам буйла хиича.
Стохка Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире видеокхайкхам бинера цо, шен кIоштара проблемаш ялхош.
ТIаьхьа Кадыровна хьалха телевизионехула шена гечдар а дийхира Джалалдиновс. Цул тIаьхьа а Iедалера шена кхерамаш тийсича, бакъонашларъярхошка орца а дехна, махкара ведда Джалалдинов. Оцу дерригенах а лаьцна шен Фейсбукерчу агIон тIехь яздинера Ганнушкина Светланас.