ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена зуда ялош тапча кхийсина нохчий лаьцна Австрин полицино


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Австрехь тховкIело карийначу нохчаша герз кхийсина зуда ялош богIуш, яздо «ХIейте» (Heute) меттигерчу газето.

Болчу хаамца, и инцидент хуьлуш зуда ялош йогIу ковра хилла Австрин коьртачу гIала Вене боьдучу трасси тIехула йогIуш. Тешаш дийцарехь, цхьана мешенахь волчу стага тапча кхийсина, корех ара а яьккхина.

ТIаьхьо гучудаьлларг ду иза динарг 22 шо долу керла доьзал кхуллуш волу жима стаг хилар. Цо лелийнарг хилла газан патармаш лело тапча. Нуц лаьцна полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG