Музаева Иман, карахь паспорт а дац, цхьа а даймахкалла долуш а яц аьлла сацийна ФСБ-рчу дозанхоша кху беттан 14-чу дийнахь. Арахецанза ю хIинца а.
Шелахь йина, цигара 2 бутт а болуш, дас-нанас шаьш мухIажирш довлуш Урдуне дIайиггарх, 18 шаре кхаьчначу йоьIана лиина шен даймахка юхаерза. Амма карахь яц цуьнан «метричка» бен – йинчу муьрехь Шелахь делла тоьшалла.
Нохчийчу хаттар хьажийна ФСБ-но. Шеларчу Iедало даредина Музаева цигахь йина а, гергарнаш болуш а ю, аьлла. Амма мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ша Домодедово хьажийначу факсца харцдина иза Нохчийчохь йина хилар.
Музаева Иманна орцахбевлла хьийза кху муьрехь Москвара а, Нохчийчуьра а бакъоларъярхой (Саратова Хеда ю цхьаъ), Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьра векал Мазаев Беслан, Урдунера вайнехан диаспоран хьалханча Бено Самихь а.
Аэропортерчу ханна нах лецна латточу чоьнехь йижа меттиг а, лууш юуург а цоцуш кхобу йоI, телхина йогIу цуьнан могашалла а.
Маршо Радионо йоьIана орца дехна охIла болучу бакъоларъярхошка а, адвокаташка а, Нохчийчоьнан урхалхошка а. Цкъачунна Музаева арахоьцур ю кестта алар доцург, хийцам бац – аэропортехь ю иза хIинца а.