ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла шо даздан Нохчийчу кхайкхина Кадыровс Оьрсийчуьра бахархой


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь кхайкхам бина ерриг а Оьрсийчуьрчу бахархошка, Керла Шо даздарца доьзначу мукъачу деношкахь, шайн кхерамазаллан ойла а яй, кхечу пачхьалкхашка а ца доьлхуш, Оьрсийчуьрчу регионашкахь садаIа аьлла.

Кадыровс чIагIдарехь, махкал арахьа теракташ хуьлу, Европехь карарчу хенахь «синтем боцуш хьал» ду, ткъа Оьрсийчоь терроризмаца къийсам латторехь хьалха яьлла йоьду пачхьалкх ю.

Керла шо тIекхачарца доьзначу мукъачу деношкахь садаIа ваха мегар долчу меттигашна юкъахь Кадыровс билгалъяьккхина Нохчийчоь, ша аьлча "Серноводск-Кавказский» курорт а, "Нихалоевские водопады" а, "Кезеной-Ам" а турбазаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG