Рошни-Чохь вийначу Алтайск кIоштахь ваьхначу Цуцаев Адамах хаамаш гучубевлла «Комсомолка» газетана. КIентан гергарчара тIе ца дуьту иза тIемалойн декъехь хилла бохург.
Карладоккху, полисхошна тIелатар дарх мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь бира хаам кIирандийнахь. Дийцарехь, цкъа хьалха граната а кхоьсина, цу тIаьхьа полисхошна тIе герз детта долийна. ТIелеттачарна дуьхьал кхийсарш йина, ший а вийна.
«Комсомолка» газета гIоьртира Цуцаев Адам лаха. Социалан машанашкахь ши аккаунт карийра царна. Цхьана агIон тIехь эвлахь даьккхина говраца цхьана сурт кхозу, вукху агIон тIехь жимма йитина маж йолуш лаьтта Адам, пена тIехь динах лаьцна йозанаш.
Цуцаев социалан машанехь цхьацца группашкахь хилла, масала, нохчийн меттан, Исламан литературан, Барнаулехь белхаш лоьхучийн. ТIаьххьара онлайнехь хилла де карарчу беттан 18-гIа. Стохка Iай кхелхина Адаман нана. Цуьнан вежарий Барнаулехь бехаш бу.
Пхи шо хьалха лело волавелла и кIант Цуцаев Адам аьлла цIе а, фамили а. Борисов Андрей вара иза даим. Ши-кхо шо а ду шена иза ганза, цхьана школехь дешна ву шаьшиъ. Цуьнан баъволу да Нохчийчуьра вара, аьлла дийцина Цуцаевца-Борисовца классехь дешначу кIанта Дедабришвили Левана.
Цкъачунна Борисов Андрейн гергарчара цхьана а кепара луш информаци яц. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехкзуламан гIуллакх диллина, толлуш ду Рошни-Чохь хилла зулам.
Маршо Радионо хьалхо яздира, Хьалха-Мартанарчу Рошни-Чохь тIелатар динарш хIаллакбина аьлла, Кадыровс хаамбарх.
Цо бахарехь, террорхошна хьалха Iалашо хилла полисхой байина, цаьргара герз схьа а эцна, кхи дIа а шайн зуламаш дIадан.
"ТIелеттачех цхьаъ ГIалгIайчуьра Чахкиев Ахьмад ву, цуьнан декъахо Алтайхь веха Цуцаев Адам. Полисхой лаьттачу купна тIе граната а кхоьсина, герзаш детта буьйлабелла хилла уьш. Чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн каяьлла ший а бандит хIаллакван.
Полисхошлахь вийна стаг а вац, цхьанна яйн чевнаш хилар доцург. Зуламхошца юкъарлонашкахь хилларш лоьхуш бу полицино", - аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.