ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рошни-Чохь динчу тIелатарх шеконаш ю бакъонашларъярхойн


Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурашкара цигахь хуьлучу зуламех официалан хаамаш лерина талла безаш бу, амма уьш бакъ ца бан я хуьлийла дац и тайпаниг ала, къаьсттина хала ду аьлла Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша.

Маршо Радионо де хьалха яздира шен сайтехь, Хьалха-Мартанарчу Рошни-Чохь буьйсанна полисхошна тIелатар дарх. Зорбанашкахь дийцарехь, тIелатар динарг жима ши стаг ву. Цхьаммо граната кхоьсина хилла, шолгIаниг тапча кхийса волавелла. Ший а вийна полисхоша дуьхьал герз диттина. Цхьаъ ГIалгIайчуьра вахархо Чахкиев Ахьмад ву, Важа Алтай кIоштара Цуцаев Адам.

Нохчийчуьра муьлхха а Iорабоккху официалан хаам шеконашца тIеэца безаш бу, аьлла «Мемориал» центран декъахочо Орлов Олега.

"Информаци кхачам боллуш талла езаш ю. Полисхойх лазийна, вийна стаг цахиларо а кхуллу дуккха а шеконца хеттарш", - аьлла Орловс «Кавказан узел» агенталле.

Бакъонашларъярхо тIекхуьуш вац, Iедалша и тайпа тIелатарийн кепаш хIиттор мича Iалашонца лелош ду. Оцу инциденташа пайда ма ца бохьу куьйгаллина, ца кхета Орлов.

"Оцу юккъехула, Нохчийчохь къайлах лелачу гIаттамхойн база яц бохуш, Кадыровс ден дIахьедарш бакъ ца хета, и тайпа тийсадаларш цигахь хуьлуш делахь", аьлла бакъонашларъярхочо..

Изза ойла ю «Гражданское содействие» комитетан куьйгалхочун Ганнушкина Светланин а.

"Нохчийчохь хIуъа а хила тарло. Кадыровс шен ма хуьллу даим а шен тамаш баллалчу кхиамех дийцахь а, цунна даим а оьшу къийсам латто объект",- аьлла Ганнушкинас.

Полисхойн посташна тIелатар дийраш Iедална реза боцу нах бен хуьлийла дац аьлла хета бакъонашларъярхочунна, амма боху цо, Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь дуьххьара дац тIелатарш ду а бохуш, кхел йоцуш нах хIаллакбар.

"Медведев Оьрсийчоьнан президент волчу заманчохь тхуна цхьана хиламах хиира. Цхьана кIентан гергарчара хаамбира тхоьга, шайн стаг лачкъийна вигина, къайлахчу набахтехь латтош ву, кхана-лама цхьанхьа тIелатар дина аьлла, оцу меттиге охьатаса кечвеш а ву аьлла. Оха орца даьккхира ницкъаллийн структурашка а, хIетахь президент хиллачу Медведевга а, амма тхоьга и кIадбоцург ду элира. Иштта дерза а дирзира. ТIемалошца хилла иза аьлла, вийна карийра",- дийцина Ганнушкинас «Кавказан узел» агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG