Москох-гIаларчу кхелехь толлуш ю цхьа кIира хьалха цигахь хилла инцидент. Кхеле валийначу бехктакхаман гIента тIехь волчу 5 нохчочо шайн пхенаш хедийнера, кхело бинчу сацамна реза воцуш.
Тахана а болчу хаамашца, толлуш ду, цара иза даран бахьанаш а, чевнаш йинчул тIаьхьа царна тIе лоьраш кхачийтина ца хилар а.
Кхелехь аьлла, чевнаш хиллачара шайна тIе ца битина лоьраш. Иштта дарбан хIусаме шаьш бигийта а ца лиъна царна, аьлла журналисташка а.
Шайн гIуллакхна тIе тидам бахийтар бахьана ду 2015-чу шарахь дуьйна талламан изолятор чохь бахкочу оцу кегийрхоша динарг. Ша верриг 13 стаг ву, 2 шо ах шо хьалха Москохарчу цхьана ресторанехь леташ, харцахьа лелла аьлла, дIалаьцна.
ХIетахь дуьйна таллам боьрзуш бац церан хьокъехь, цундела шаьш хьийзорна тIе тидам бахийта динчух тера хета шена, элира царах цхьанан адвоката Яндарбаев Шамала.
"2015-чу шарахь харцахьа лелла аьлла, лецна ду и бераш бу. ХIетахь дуьйна таллам боьдуш бу. Чохь бахкош бу уьш. ХIора баттахь, шина баттахь кхеле а балабой, кхиъ чохь бахко хан яхъйо церан. Тхуна хиънехьара оха цаьрга и хIума дойтур дацара. ЦIеххьана дага а деъна дина хира ду-кх цара" боху адвоката.
Яндарбаев Шамална хетарехь, дIалаьцна и нохчий Iоттабелла таханлерачу кхелан а, талламан а системица. Кхело кхиъ чохь латто беза уьш аьлла сацам тIеоьцу низам дохош дац, амма и гIуллакх лартIера даьлла хилар гуш ду элира цо.
"Низамехь, лартIехь хан олу хIума ду. ХIинца таллам мел йолчу лартIера барам чуьра яьлла. Иза ду-кх цигахь. 13 стаг ву цигахь лаьцна. Царах 10 стаг летта а, я дакъалаьцна а вац. Вайн гIиллакхехь ма хиллара, шайга телефон тоьхча схьа а баьхкина дIа-м хIиттина уьш оцу ресторанехь.
Ткъа, цига мел веънарг схьа а лаьцна, чувоьллина. Ткъа, чувоьллинарг дIахоьцур ма ваций, аш хIунда лаьцнера тIаккха, иза бехке ца хилча, шайга эр долу дела", - бохуш, дийцира адвоката.
Уьш нохчий хиларна латтош бу те шайн ма хуьллу хенаш дIа ях а еш Маро Радионо хаьттича, иштта жоп делира Яндарбаевс: - "Дукха масалш ду, сол дуккха а зеделла адвокаташ а бу кхузахь. Иштта хьал наггахь бен хуьлуш дац олу цара а. Кхело олу, уьш Москохара бац, уьш Нохчийчохь къайлабовла мега олий латтош бу чохь".
Оьрсийчоьнан набахтешкахь чохь бахкачу нохчийн хьолана тIе тидам бахийта болийна Iедалша, тутмакха Магомадов Ислама ша шена хорам а бинчул тIаьхьа. Официалан хаамашца, иза велла аьлла даржийнехь а, цуьнан гергарчара а, бакъонашларъярхоша а иза вийна боху.