Шемарчу ДаIишхошна цхьане дуьхьал латта барт хилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а президентийн. ПIераскандийнахь телефонехула къамел хилла Трамп Доналдан а, ЭрдогIан Реджепан а.
Туркойн президентан администрацино хаамбарца, иштта дийцарш хилла цу шиннан Курдистанан Белхан партина а, Гюлен ФетхуллахIан агIончашна а дуьхьало латторехь.
Оцу юкъанна КIайчу ЦIийнехь оцу бертах дуьйцуш дац.
Шина пачхьалкхан куьйгалхоша Туркойчоьнна герз латто тардаларх къамелаш хилла аьлла Трампан администрацехь.
1999-чу шарахь дуьйна Iамеркехь вехаш ву оппозиционер Гюлен ФетхуллахI. Туркойчохь Iедал карчо гIортарна бехкевечу цунна экстрадици яр доьху туркоша.
Цуьнан бехкхиларан тоьшаллаш тоъал дац бохуш, Iамерко жоп ца ло Туркойчоьнна.