Юха а социалан машанашкахула орца доьху Норвегехь бехачу нохчийн доьзалан нанас. Пхи шо дуьзна цигарчу Драммен гIалахь тховкIело карийна ехачу Танзилера 5 доьзалхо: ши кIанттий, кхо йоIIий берашна тIехь Iуналла дан векалйинчу "Барневарн" социалан хьукматан белхахоша дIаваьккхина. Норвеги мел ю цхьацца доьзалашка дIасадекъна цуьнан бераш.
Баттахь цкъа могуьйту нанна Танзилина шен бераш ган, амма Iедало цхьацца дозанаш тохаран бахьанашца хецна къамел дан а, марзо эца а аьтто бац шен доьзалан.
Кху деношкахь иштта шен цхьахволчу кIантаца цхьанакхеттачу нене хаттар дина хилла кIанта, ша дIа хIунда ца вуьгу ахь, оьшуш вац хьуна ша аьлла.
Нанас оьшуш а ву, ца хилча йиш а яц, цкъачунна "Барневарнас" пурба цало шена хьо дIавига аьлча, цецъваьллачу кIанта аьлла хилла, цара-м хьуна со оьшуш вац ма боху шега.
Изза къамел дина хилла "Барнерварнан" белхахоша берийн нене а. Хьоьца уьйр-марзо а яц шен, я хьоьца Iен ца лаьа, ша тIеэцначу керлачу хIусамехь дика хета шена боху хьан кIанта, аьлла.
Шеконашкахь йисинчу нанас видео яьккхина, шен кIанте хеттарш а деш. Цу тIехь кIанта юха а тIечIагIдо, шена бакъйолчу ненаца Iен лууш хилар а, ткъа карарчу хенахь наналла дечу ХIеленца гергарло дIа а ца хадош, кес-кеста хьошалгIа а воьдуш, хила лаьара шена аьлла.
"Барневарнас" соьца хьо Iен лууш вац ма боху, нанас хаьттича, и бакъ дац олу кIанта видеотIехь а.
Юха а полицина и видео дIа а гайтина, цара нийсонца йист а яьккхина, Iедало шайн доьзал чуберзабаре сатуьйсу Танзилас.
Маршо Радион аьтто ца хилира материал кечъечу хенахь доьзалан ненаца къамел дан, тIейогIучу хенахь цуьнца шеца дийцаре дийр ду оха бухера дуьйнна бераш дIадахаран бахьанаш.
Амма Норвегехь бехачу вайнахана дика евзаш хиллера Танзила а, кху пхеа шарахь цо бетта когаш а, шен доьзал юхаберзо гIерташ.
Адамийн бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад масийттазза хилла Танзилин гIуллакх луьстучу кхелашкахь, мила ю Танзила, бух болуш дуй "Барневарнас" цуьнца къуьйсург аьлла, хаьттира оха бакъонашларъярхочуьнга.
"Танзила суна сайна евзаш ю. Со цуьнан кхелашкахь а хилла, цуьнан гIуллакх а суна мел а девзаш ду. Масал эца а йиш йолуш, шен берана нана иза хирг хиларх тешна ву со. Цуьнца лелориг харцо юй хаьа суна. И берашц цуьнца ца дуьтуш, Норвеги мел ю дIасакхийсина. Цхьа а бух болуш дац цара лехьо бахьанаш".
Ша дукха теллина нохчийн гIуллакхаш боху Ахьмада, цундела хаьа шена, нохчий юкъахь а болуш яйтина проекташ ю цигахь, даккхий ахчанаш а дойуш бохуш, кхи дIа а дийцира цо: "Оцу пректехь "Барнаварна" хилла болх беш. Талламаш бина цара вайн къам толлуш, берашца юкъаметтигаш муха ю а хьовсуш, зударшца муха ду, ткъа толлучу хенахь, цара дина жамI муха ду, зударца уьш тарлуш бац, леташ а бу аьлла.
Румынехь арахецна цхьа журнал ду шина маттехь: румынинй а, ингалсан а меттанашкахь. Цу тIехь яздина ду нохчо доьзалх, зудчух ца летча мегаш вац бохуш. И жамIаш ду цара тахана дуьхьал дохурш.
"Барневарнас" лелорийг я пачхьалкхан низамашца а, я дуьненаюкъарчу Конвенцица а догIуш дац", - аьлла, дерзийра къамел Гисаев Ахьмада.
Кеп-кепара дуьйцу тахана "Барневарнех". Цаьрца гIуллакх Iоттаделлачу цхьаболчу дас-нанас чIагIдарца, кхи дуьйцуш бахьана а доцуш, беш таллам боцуш, цIеххьана туьтмIаьжгашца чу а лелхий, бераш чохь делахь - чуьра, дацахь, урамехь тIекхетий, я берийн бошмашкара, я школера дIадуьгу олу шайн бераш оцу организацин полисхоша.
Норвегехь вехачу яздархочуьнга Эльдиев Микаиле хаьттира Маршо Радионо, муха магадо пачхьалкхан низамаша иштта шогачу кепашца берех каеттар.
"Кхеран полицин а яц, ур-атталла, бакъо ордер йоцуш чулелха. Нагахь санна цхьаннан дахарна кхераме хIума дацахь. Вуьшта чулелха там бу, нагахь санна оцу беро шена доьхка диттина я гIаж йиттира аьллехь. Оцу дас-нанас и хIума къайлаяккхале аьлла, чулелха там бу уьш. Вуьшта туьтмIаьжгаш юхкий, чулелха бохург бакъ дац. Герз долуш яц кхеран полици. Кхузахь юьхь лачкъош ян а яц полицино", - дийцира Микаила.
Иштта Микаила дийцира, Норвегехь берийн бакъонаш Iаламат лараме хиларх а, мича бахьанашца тергоне оьцу социалан хьукматаша доьзалш а.
"Вуьшта, бераш дIадахарн коьрта бахьана хIун ду аьлча, цу беро арз динехь. Лаахь а, ца лаахь а и арз динехь, талла дезаш ду церан. Беро школехь суна тоьхна ца олу, амма шега хьехархочо хаттахь, дерриг дIадуьйцу. ШолгIа, цхьа а шеко а йоцуш, меттигерчу кхеран бахархша а бакъдеш, харцонаш лелайо "Барневарнас".
Царна хаьа, вайн тIемаш хиллачу махкара даьхкина дуй, цундела хета царна вай шога хир ду аьлла, агрессиве ду аьлла. Леррина тIаьхьа а бевлла, вай толлуш ма бац уьш. Шайн бахархошкара а ма доху цара бераш къинхетам а, хама а боцуш.
Кхи цхьа хIума а ду, нохчаша ма дарра а ма ца дуьйцу хилларг. Масала, суна вевзачу цхьана нохчийн кIанта элира, цаьрца болх бина вара иза, 90 процент бераш дIадахар цхьаъ доцуш ца хуьлу хьуна аьлла", - дийцира Маршо Радиоца хиллачу кхамелехь яздархочо.
Эльдиев Микаила некъаш а хьийхира, "Барневарна" эшон.
"Тахана масо а пачхьалкхехь бехачу вайн наха официалехь дуй а хоуьйтуш, фонд а кхоьллипа, баттахь цхьа евро хуьлуийла и, доьзална тIера охьадилла дезара. Кхана-лама, бераш дIадаьхна меттиг хилча оцу доьзална уггар везаниг адвокат а лаьцна, "Барневарна олучу оцу организацин цIий мийла буьйлабелча, бер дIадаккхале хьалха цара ойла йийр яра", боху Эльдиев Микаила..
Ши шо хьалха Чехин президент Земан Милош шайн пачхьалкхан яхархочуннна тIехIоьттинера, цуьнгара "Барневарнан" спецназо бераш дIадаьхча. "Гитлеран" кепаш ю ала мегар ду аьллера цо бераш, дай-наной вовшахбохуш, Норвегехь "Барневарно" лелораш.
Ткъа ХIиндойчоьнан президент Норвегин йийсарера шайн пачхьалкхан бераш дахархьама декхаре хилира оцу пачхьалкхна дуьхьал санкцеш яха.
Экономикан прессинг хааеллачу Норвегино сихо йира кеманца бераш ХIиндойчу кхачош.
"Барневарна" организацино лелочу харцонашна шаьш дуьхьал дуй хоуьйтуш митингаш а, акцеш а вовшахтоьхнера стохка 35 пачхьалкхашкарчу Норвегин векалташна хьалха мехкийн бахархоша.
Дайша-наноша Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацига а, Европарламенте а, Еврокомиссига а, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а, Риман Папе а цхьана дехарш а дира, Норвегехь "Барневарне" шайца бераш ма къийсийтахьара аьлла.