ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чатаевн тобано хьулдина герз карийна Гуьржийчохь


Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхаллан куьйгалхочо Гомелаури Вахтанга хаамбина, байначу беттан 22-чу дийнахь хIаллакйина тIемалойн тоба нелегалехь шайн доза а хадош чуеана хиларх. Цул совнах, карийна цара пайдаэца тарлу лаьттах доьллина герз а.

"Цкъачунна сан таро яц цIе яккха, муьлхачу пачхьалкхца дозатоьхна ю и герз хьулдина меттиг", - аьлла Гомелаурис, парламентерчу тешамечу тобанца шен цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа, яздо "Интерфаксо".

Лерина тIеман операци дIахьочу хенахь Тбилисехь вийна кхо зуламхо, цхьаъ каравеана.

Байинчарлахь хиллачу Чатаев Ахьмадан декъан идентификаци йина. Иза бехкевора Истамбулехь 2016-чу шарахь эккхийтар дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG