Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьажийна Sports.ru сайт тIехь «Трибуна» декъехь хилла "”Своего первого русского я убил в 16 лет“. Жизненный путь Героя России» ("Сайн хьалхара оьрсий ас вийна 16 шо долуш". Оьрсийчоьнан Турпалхочун дахаран некъ) цIе йолу материал дIаьяьккхина зорбанера, цуьнан авторо шен цIе цу кIел ца язъярна. Цунах лаьцна хаам бина Sports.ru зорбанан гIирсан инарлан директоро Навоша Дмитрийс, хаам бо "Дождь" телеканало.
"Цу тайпачу (материалашна) кIел шен цIе язъян еза, кхин берш боккхачу кхерам кӀел а ца xӀиттош. Иза аьллера блогере. Тапп аьлла Iаш ву. Sports.ru сайтан авторша ерриг а шайн "Тереках" а, иштта дIа кхин а материалашна кIел шайн цIераш язйо", - билгалдаьккина Навошас.
Хьалхо Sports.ru сайт тIехь "Осторожно, оратор!" (Ларло оратор!) блогехь материал зорбане яьллера "”Своего первого русского я убил в 16 лет“. Жизненный путь Героя России" ("Сайн хьалхара оьрсий ас вийна 16 шо долуш». Нохчийчуоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьажийна яра иза. Цхьа хан яьллачул тIаьхьа иза гучура дIаелира сайта тIера. Амма иза йисина Google-кэшехь.
Цу блоган авторо тIаьхьо яздинера: "Массерна а хоуьйтуш, ас къинтIера далар доьху нохчийн къоме а, шега Кадыров Рамзане а! ХIинца доьху ас йийсарера сайн стуннана дIахецар, цо Хьуна цхьа а вон хIума ца дина".
И пост а дIаяьккхира, амма йисина Google-кэшехь. Цул сов, "Осторожно, оратор!"(Ларло оратор!) блога юкъара дIаяьхнера ерриг а материалаш.