Нуьцкъала адамашка гечдар дехийтаран хьокъехь социалан машанехь "Лаьмнашкарчу веше диллина кехат" аьлла, кхайкхам бина дизайнеро Лебедев Артемийс. ТIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказан регионашкахь, цкъа хьалха Нохчийчохь, цул тIаьхьа кхечу республикашкахь а даьржина ду нах къинтIерабахар.
Хьенан цIарх ша кехат яздо, дуьйцуш дац Лебедевс. Ша тидам бина боху цо, керлачу ламастан - муьлхха а критика хезнехь, бехказло лоьхуьйту, хьоьга гома хьаьжнехь а, бехк цабиллар доьхуьйту, хьан йишех ларамза дош алахь а, къинтIера валар доьхуьйту.
"Нагахь санна паяльник сайна тIе лацахь, тоька чу и ца йоллахь а, камерана хьалха ас муьлхха а дешнаш эр ду, бехказа волуш. Массо а суна бевзачара а дийр ду изза", - яздина дизайнеро.
"Хьо ницкъ болуш ву, хьо майра ву, хьоьх массо а кхоьру. Амма кхетахьа, хьоьга гечдар доьхучара доггах олуш ма дац и дешнаш. Видео тIехь и дешнаш хезнарш а тешаш ма бац", - ду кехат тIехь яздина.
"Хьуна-м хета тарло, хьо ницкъ болуш хилча, массеран а хьоьга ларам бу аьлла. ХIан, хIан, сан хьомениг. Вайн менталитет жимма кеп-кепара ю.
Тхан културехь ахь дечу гIуллакхашка, хьан хьекъале, сине, даге хьожжий хуьлу хьоьга болу ларам а.
Хьан културехь а ду лараме хьекъал, амма къаналлехь. Ас цхьа хьехар дийр ду хьуна_- масал эца шайн къанойх. Цаьрга ларам хила мегар ду, церан дегIа тIе паяльник яхьа а ца оьшуш, цивилан адамашка санна", яздина Лебедев Артемийс шен кехатехь.