ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочо стаг вийна Нохчийчохь


Нохчийчохь бизнесхо а вийна, къера хилла Iедална тIевеана полисхо. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, чIир хилла царна юкьахь, Iедалхоша кест-кеста шаьш дечу маслаIатех хаамаш бахь а. Оршотдийнахь хилла и зулам аьлла, дийцина "Кавкахан узел" агенталле ницкъаллийн структурашкарчу хьастано.

Цо бахарехь, машенчохь воьдучу бизнесхочунна герз диттина полисхочо. ШолгIачу дийнахь дарбан цIийнехь кхелхина иза йиначу чевнех хьалха а ца ваьлла.

Зуламхо Iедална тIевеана, ша динчух даредан. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, лаьцна иза.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь хаам бац оцу инцидентах.

Болчу хаамашца, 2015-чу шарахь бизнесхочо дов иккхинчохь полисхочун гергара стаг вийна хилла, яздо "Кавказан узел" агенталло.

"Москох бизнес лелош вара вийнарг. ЦIеяххана вевзаш а вара иза. Кхо шо хьалха конфликт хиллера цуьнан цхьана накъостаца. Дош дашара даьллачохь, тапча хьала а яьккхина и етта волавелча, дуьхьал герз тоьхна иза вийнера иза совдегаро. ХIеттахь вийначун гергарчара гечдинера цунна, шайн кIентан бехкхилар тIе а лаьцна. Ткъа хIинца оццул хан яьлча, бехкам ца беш ца витина иза", - аьлла, дийцина Хьамзат цIе йолчу махкарчу вахархочо агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG