Инстаграман агIонашкахь яржийна кху деношкахь Нохчийчуьрчу берийн бошмашкахь а, школашкахь а, лакхарчу доьшийлашкахь а дIабаьхьначу кеп-кепарчу барамех артиклаш а, суьрташ а, видеош а.
Футболан ловзарш, къийсадаларш, тIеман иллийн фестивалаш, горга стоьлаш, семинараш, конференцеш…
ХIаъ, Турслочун де ду даздеш махкахь, йоллу Оьрсийчохь а санна.
2011-гIа шо даллалц Нохчийчоьно Чиллан-беттан 23-чу дийнахь, Сталинан омраца бертаза вайнах махках бахар дагалоьцура.
Массо а доьшийлашкахь и къемат де шайн бIаьрга дайна нах а кхойкхий, цаьрга дуьйцуьйтура тIекхуьучу чкъурана нохчийн исторехь хиллачу оцу Iаьржачу агIонех.
Оьрсийчоьнан регионашца цхьаьна билгалдаха деза республикехь а пачхьалкхан юкъара муьлхха а деза денош аьлла, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дехкарца, хIетахь дуьйнна тезетах ловзар хилира.
ХIетахь Нохчийчоьнах кино яккха еана хиллера францхойн журналист Луазо Манон. Цо дийцарехь, оцу заманчохь дихкира Кадыровс депортаци хьехор. Сочехь йоьдучу Олимпиадаца цхьана нисделлера боху цо къам дохийна де, Путин реза хир вац аьлла, депортацина лерина барамаш вовшахбеттар ца магийра Кадыровс. "И Iаламат кхераме хIума ма ду, эс дехкар", - боху Манона.
Хууш ма хиллара, хIора заманахь цхьацца политик я яздархо, я журналист я эксперт волу, цу хенахь кегий къаьмнаш махках дахар нийсонца дина хIума дара олий.
Даим вилхина, селханалерачу дийне юхахьежна вер вуй, адам кхи дIа а Iен а, даха а дезаш ма ду олурш а хеза.
Делахь а, кIеззиг бац тахана нохчашлахь, кхойтта шарахь деган Iовжамца малхбузехьа хьежна, шайн хьомечу лаьмнашка кхачаре сатийсинчу шайн дайн-нанойн бIаьрхиш дицдан ца луурш а. Адам даьржина, доьхна лелла де муха дицде бохуш, ца кхета уьш.
Къаьсттина Фейсбук социалан машанехь гIеметтахIиттинчу а, ишта кегийчу а нехан агIонаш тIехь суьрташ кхозу, хIиттийна посташ ю цу дийнахь хиллачух, къомо лайначух.
ТIаьххьарчу масех шарахь нохчийн къам шина декъе доьрзу Чиллан-беттан къам махках даьккхина денош герга кхочуш.
Турслочун де даздо Нохчийчохь, ткъа Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехарш хIора шарахь майдана бовлу, и де дагалаца. Шайн ГIум-Азин аренашкахь бисинчарна тIера сагIанаш доху цара, митингаш хIиттайо, меттигерчу бахархоша агIо а лоцуш.
Вайнехан депортаци дагалоцучу Европерчу пачхьалкхийн могIаршкахь билгалъевлла ю тахана Австри, Франци, Белги, Голланди, Гуьржийчоь, Швеци ишта кхи дIа а.
Маршо Радионо зIе тесира Венехь вехачу экс-депутатца, Масхадов Асланан хиллачу хьехамчаца, юкъараллан жигархочуьнца Исханов Хьусейнаца.
ХIора шарахь Европехь вайнехан лазам бийцар вовшахтуху цо, ца висина иза юьстах кхушара а. Иштта нисделира тхан Хьусейнаца къамел.
- Тахана Нохчийчохь а, йоллу Оьрсийчохь а Турслочун де ду билгалдоккхуш. Ткъа аша, кху Малхбалехь дIатарбеллачу цхьа могIа нохчаша, вайн къам бертаза махках даккхар дагалоьцу...
- ХIокху Австри пачхьалкхехь дехаш долу тхо, нохчийн, къоман бала а болуш деха. Вайна тIехь бина ницкъ биц а ца белла, вайна тIаьхь гIазакхийн Iедало йина харцо а йиц ца елла. Цундела оха кхана еш ерг митинг яц, оха вовшахтухург лаккхарчу барамехь суьйре хир ю. Яздархой, журналисташ, гоьбевлла австрихой а хир бу кхузахь, шайлахь студенташ а болуш.Кху лаьтта тIехь беха нохчтй а богIур бу. Тхайн ма хуьллу кечамаш беш ду-кх тхо.
- Тахана Нохчийчуьрчу муьлххачу а бере ахь, хIун де ду Чиллан-беттан 23-гIа де хаттахь, Турслочун де ду олу цо. Ткъа, муха хир дара Европехь бехачийн доьзалийн жоп?
- Дукха хан йоццуш вокзалехь цхьана кегийрхошна тIенисвелла со. Тхайн бараме а уьш кхайкха дагадеанчу ас хаьтти-кх цаьрга, Чиллан-беттан 23-гIа де, хIун де ду хаьий шуна? Депортаци, геноцид олуш хезний шуна, аьлла.
"Ца хаьа", "ца хезна" эли-кх. Иттанах цхьаъ ца вели-кх царех и де "девза" олуш. Iаламат новкъа деара суна и.
- ХIора шарахь аш и де терго йоцуш ца дуьттушехь, хIунда ду и де царна хийра?
- Кхузахь проблема стенца ю хьуна аьлча, адам декъаделла хиларца. Цхьаболчара шаьш политикехь дац олу, цундела иштачу барамашка уьш ца лела. Ткъа цалеларан бахьана хIун ду? ДIо цIерачу "паччахьана" шьш гарна кхоьруш, шайн цIерачарна цхьа сингаттам баларна кхоьруш.
Вукху тобано шаьш динехь чIагIделла ду, кхечу хIуманца бала бац шайн боху.
Кхи цхьа тоба ю лергаш ирахдахийтина, цIерачарна хIун олу, ладоьгIуш лелаш. ЦIа а оьхуш, юха кхуза схьа а оьхуш, кхи бала-гIайгIа а йоцуш нах бу уьш. Гарзнаш хилчхьана кхи хIумане юхахьовсур боцурш а бу.
- Халкъана а дерг ловзар, шуна ца эшахь тхуна эшшане а ца оьшу аьлла, куьг ластийна, тесна хIунда ца дуьта аш и де?
- Муха дуьтур ду и де терго йоцуш? Депортацехь вина ву со. Суна кхаьчна-кх цуьнан дакъа, цхьа а бехк а боццушехь. Цигара цIа веанчул тIаьхьа суна хIун гина?
"Ма бийца нохчий мотт" бохуш, сайн ненан мотт ца Iамабойтуш, цициган кIорнеш санна хеба а хебаш лелла тхо. Жимма даккхий хилча-м мел а дуьхьало а йора оха.
Цул тIаьхьа тIом бели, бомбанаш йитти… Юха шолгIа тIом чубеа… Тахана и бераш эцна, Европехь деха вай. Даймахкахь а вац хьо, тIаккха юха а депортацехь ву-кх хьо. Ткъа муха дицдийр ду и тайпа хIума?
Карладоккхуш:
Оьрсийчуьрчу историн Iилманан кандидато Бугай Николайс бинчу талламашца, 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь 19 эзар офицеро а, НКВД-н эскарша а йолийна, 29-чу дийне яьллачу операцехь махках ваьккхина 478479 стаг, шайлахь 91250 гIалгIай а болуш.
Даймахках баьхна, Казахстанан а, ГIиргIазойн а мехкашкахь къа-бала лан гIора ца тоьана а, миллий, мацаллий а, ун хьаьдда а велларг лору, историкийн зерашца, 100 эзар нохчо а, 23 эзар гIалгIай а.