ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс Латвин бахархой хьошалгIа кхайкхина Нохчийчу


Шена а, цхьа могIа Оьрсийчоьнан бахархошна а шайн пачхьалкхе дахкар доьхкуш, Латвин политикаша яьхначу гIулчах вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

"ХIун дер, нагахь Латвис вайна дуьхьал санкцеш йохуш хилча, вай, гIиллак-гIуллакх долуш нах хиларе терра, уьш хьошалгIа кхойкхур бу вайн республике. Суна хаьа, санкцех сацам тIоьцучу хенахь, латышхошна хетарг чоьте эцна ца хиллийла Iедало. Пилна там бан лиъна царна. Кхи хIун дан догIу моськано (жима жIаьла)",- аьлла, Телеграмерчу шен акаунтIехь яздина Кадыровс.

Латви вахар шен дахарехь уггар а боккха лаам бара аьлла цавашарца мехкан куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан урхалхо а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а "Магнитскийн тептаре" ваьккхина Латвино.

Дахначу пIераскандийнахь Маршо Радионо яздира, Латвин арахьарчу министралло "Магнитскийн тептаре" 49 арахьара вахархо язварх.

Tвиттерехь министраллан куьйгалхочо Ринкевич Эдгара бинера и хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG