ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банкоматашкара ахчанаш лечкъон оьрсийн тоба гучуяьлла Австрехь


177 000 евро - оццул ахча лачкъийна оьрсийчой, цуьнан накъосташий Австрерчу банкоматаш чуьра. Москохахь такси тIехь болх беш волу и стаг лерина веана хилла Австре, банкоматашкахь къоланаш дан.

Санк-Пелтенехь кхеле озийна волчу оьрсийчо керла софтвер кхоьллина хилла, банкоматашка ахча аратасийта. Шен ноутбук тIера банкоматан системе сигнал цо яхьийтича, банкоматан блокада дIа а йолий, ахча схьалуш аратосуш хилла. Оьрсийн талорхойн бандин декъашхоша банкоматана уллехь собар а дина, ахча схьаэцчахьана долуш хилла.

Кхелехь тобан коьртехь волчу оьрсийчо мукIарло дира, ша лелийначунна. Бакъду, лачкъийна долу ахча мичахь ду дийца ца тигира иза. Ша тобан декъашхо бен вацара, ткъа ахча шена ца бевзачу наха Оьрсийчу дIахьош дара элира цо.

Иштта цо кхелехь цIераш ца ехира шен накъостийн а. Амма прокуратурано чIагIдарехь, шега хеттамаш бечу муьрехь цо полисхошка дийцинера, шеца хилларш муьлш бара. Кхин ши оьрси лохуш ву Iедало.

Оьрсийчунна 4 шой, 3 буттий хан кхайкхина кхело. Амма иза дукхахеттачу талорхочо латкъам бина цунна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG