"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан хьалханчан Ал БагIдади Абубакаран накъост Аш-Шишани Абу-Валид (Маргошвили Мурад) вийна Иракъан эскарша. Iарбойн хьосташна тIе а тевжина, бо и хаам Гуьржийчоьнан гIирсаша. Al Sumaria телехьожийлан зерашца, Иракъан Къилбехьарчу Киркук провинцехь вийна иза. Ницкъахоша операци дIахьочу заманчохь, церан карадаьхкинчу кехаташна тIехь информаци ю кхечу террорхойн тобан лидерех а яздо "Керланаш-Гуьржийчоь" хьосто.
Паьнказахь вехаш вара 48 шо долу Ал Шишани Абу-Валид исламхойх дIакхетале. Гуьржийн хаамийн гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчонан а вахархо ву иза. 1990-чу шеран чакхенехь Нохчийчохь а, Дагестанехь а федералан ницкъашна дуьхьало латточу Хаттабан тобанех дIакхеттера иза
2014-чу шарахь Iамерко террорхошца уьйрашкахь хиллачу нехан тептар кечдеш, цу юкъа вахийтинера Маргошвили а. Иштта Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структураша лоьхуш ву Маргошвили Мурад.