Магасан кхело оршотдийнахь Хазбиев Мохьмад Мангал-батте кхаччалц чохь сацош бинчу сацамна цуьнан адвокаташа ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле арз дина. Юучуьнца диета лело оьшуш ву иза, ткъа СИЗО-хь юург-мерг чу ца оьцу аьлла, латкъам бина оппозиционеран вашас. Бехкевечун адвокато Ибриева Хедас дийцарехь, Хазбиев чохь сацо веза аьлла дIахьединчу талламхочун бахьанаш дацара дало, мича бух тIера ду цуьнан дIахьедар, хIунда ца магадо шен цIахь латто ала.
"Хазбиев лаьцна латто везаш хиларан тоьшаллаш даладе кхелана аьлла, оха дехарш дарх, дацара церан маьIне, бух болуш тоьшаллаш. Стенна оьшу Хазбиев чохь валло аьлла, кхелахочо хаттар дича, лингвистикан экспертизех материалаш схьакхаьчначул тIаьхьа хеттарш ду цуьнга дан дезаш элира талламхочо. Кхи ладам боллуш бахьана дацара цуьнан", - аьлла "Кавказан узел" агенталле дийцина Ибриева Хедас.