ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьхкенна кечам болийна "Ведучехь"  


Кху шарахь Мангал-беттан 24-чу дийнахь болалучу аьхкенан муьрана кечам болийна "Ведучи" курортехь. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфакс-Туризм" портало, "Курорты Северного Кавказа" (КСК) акционерийн юкъараллан зорбанан сервисана тIе а тевжаш.

"Ведучин" администрацин декъашхой дагахь бу цу курортехь аьхкенан кинотеатр схьаелла а, вилспеташ мехах лело ло пункт схьаелла а, цхьацца спортан ловзарийн зона кхолла а, говрашкахь а, квадроциклшца тураш вовшахтоха а, иштта дIа кхин а.

"Курорты Северного Кавказа" акционерийн юкъараллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, карарчу хенахь "Ведучехь" белхаш бу дIахьош, Iалам карзахдалар бахьана долуш йоьхна объекташ меттахIиттош.

Кху деношкахь Кавказ.Реалии портало зорбане яьккхира "Ведучехь" даьхна сурташ а, видео а. Цу тIехь гуш ду мел ледарчу хьелашкахь ю дукха хан йоццуш схьайиллина и ломара курорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG