ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Васильевга некъ тобар дехна Нохчийчуьрчу Кенхи эвларчу суьйлийша


Кенхи.
Кенхи.

Нохчийчуьрчу Кенхи эвларчу бахархоша дехар дина Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волчу Васильев Владимире, шайн эвлара Дагестанерчу Цумадан кIошта боьду некъ тобахьара аьлла. Шаьш и дехар дар доьзна ду, боху кенхоша дахаран хьашташца а, Нохчийчохь ассимиляци хиларна кхерарца а, яздо "Кавказский Узело".

Васильевга яздинчу кехатан авторша кхайкхам бина цуьнга, тидам тIебахийтахьара аьлла, 3 зар вахархо, коьртачу декъана суьйлий бехачу эвлан халонашна.

Кенхи эвларчу бахархоша буьйцург суьйлийн литературан мотт бац. Суьйлийн меттан чамалин диалект ю иза. И бахьана долуш, шайн берашна нохчийн мотт гIоле хаьа бохуш, яздина ду кху беттан 12-чу дийнахь цара яздинчу кехата тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG