ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело юахатохна оппозиционеро Хазбиев Мохьмада талламан изоляторехь йоккху хан яхъеш суьдо бина сацам нийса бац аьлла суьдехь гIо лоцучу агIоно бина латкъам.
Юкъараллан жигархочуьнан адвокатана хетарехь, суьдхоша, тидаме а ца оьцуш, дитина масийтта кIоршаме низам дохор, цундела иза лаьцна латтор дахдар бух боцуш ду
Магасерчу кIоштан кхело сацам бина Хазбиев чувоьллина вита Мангал-беттан 11-гIа тIекхаччалц аьлла.
хаа шарахь Магасо дуьненаюкъарчу лехаме велла а волуш, Соьлж-ГIалахь вехира иза. Нохчийчохь оцу юкъанна бовзаза бисинчу наха веза а велира иза, цуьнан машенна тIелатар дича.
Дуккха а шераш ду Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан Iедалца къийсало, бахархой протестан гуламашка боху. Цо кест-кеста емалйо махкара коррупци, шена харцонна тIехь бу аьлла го куьйгалхой, ша аьлча, ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнус-Бек.
Шен махкара ведда, Нохчийчохь цуьнан къайлавалар нисделира 2015-чу шеран юьххьехь. Ростов гIалахь ядийна, лохуш йолу Тойота Лэнд Крузер Хазбиев Мохьмадан кертахь карийна, аьлла ю полицин претензи. Иштта, машенан лоьмарш хуьйцу гIирс а, герз а даьккхина цуьнгара, чIагIдо Iедалхоша.
Цул сов Хазбиевна бехке дуьллуш ду, бакъо а цоуш, цIахь герз латтор.