Германин Iедалша цIа далор ду шайн махкара "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета баханчу зударийн бераш. Цунах лаьцна хаам бина Bild am Sonntag газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло деллачу омрана тIе а тевжаш.
Махка юхадерзийначул тIаьхьа, кхеторан болх а бина, и бераш дIалур ду церан гергарчу нахе а, социалан урхаллашка а.
Bild am Sonntag газето далочу терахьашца, карарчу хенахь шайн берашца цхьаьна Шемахь а, Иракъехь а тIемаш боьлхучу зонехь ю Германин паспорташ долу лаххара 270 зуда.
"Исламан пачхьалкхах" а, кхин йолчу радикалан тобанех а дIакхеттера 980 Германера вахархо. Царах 170 вийна. Бухабисначерах кхоалгIа дакъа Германе цIа дирзина.