Нохчийчьурчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, Германин Iедалша шайн махкахвоккхуш волчу мухIажиран Мализаев Минкаилан доьзал Хьалха-МартантIехь а бу, гIоза-декъал а бу. Цунах лаьцна Саратовас яздина шен Facebook-рчу агIона тIехь.
Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Мализаевн доьзал карарчу хенахь бехаш бу цуьнан зудчуьнан ненаца. Царна кхерам болуш хIумма а дац, боху Саратовас.
Хьалхо Кадыровна критика еш къамелаш динчу Мализаевс гIо доьхуш дIаязбинчу видеокхайкхамехь дIахьедар динера, шен доьзал Нохчийчуьрчу Iедалшкара Iаткъам ловш бу аьлла.