ГIалгIайчоьнан 25 шо долчу яхархочунна дуьхьал бекхузуламан гIуллакх долийна, иза Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех оучу тобанах дIакхетарна. Талламчийн информацица, 2014-чу шеран бIаьста Туркойчу а яхана, шо даьлча цигара дIа даIишхойх шен лаамехь дIакхета иза. "Террорхойн тобанхошна лоьралла а деш, кхача а латтош, чоьнаш цIанъеш Iаш ю иза цигахь", - аьлла, дийцина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.
Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло стохка хааме даккхарца, Шемахь тIом болабелчхьана цигахь дакъалоцуш ву 200 мехкан вахархо. Царех цхьа дакъа хIаллакхилла цигахь, итт даймахка юхавирзира.