Оьрсийчоьнан некъан полицино гена дIасабоьлхучух ларло аьлла, кхайкхамбина машенашлелорхошка. "Синоптикийн прогнозца кху кIиранах 30 градус йовхо лаьттар ю махкахь", - хаамбо пачхьалкхан автоинспецино.
Иштта хьехна шаьш новкъадовлале машенан техникан хьал зер, кондиционераш, электроника а, аккумулятор муьлхачу хьолехь ю а толлуш.
Шоферашка доьху, сих-сиха тIуьначу йовлакхца юьхь а, лаг а тIадор, шекар тоьхна доцу хиш мелар а.