Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, шена адамийн дог айина, уьш новкъа баха хаахь а, шех футболан тренер хир вацара аьлла, яздо "Известия" газетано.
"ХIора стеган шен-шен амал ю. Ша хастийча кхета цхьаверг, вукхуьнца кхечу агIор мотт бийца беза", - аьлла Кадыровс.
Иштта мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан футболан тобан тренерна Черчесов Станиславна бийца юкъара мотт карийна футболхошца, цундела юкъара механизм а хилла, хаза ловзар гайтира цара аьлла.
"Тренерш кхион безаш бу, школаш схьа а йоьллуш, гIо а деш. Атта болх бац тренеран. Буьрканна бераллехь тIаьхьа уьду, ткъа тахана дийнна цхьа система ю и. Коьртаца алсам болх бан беза, когашца бечул а", - аьлла, хета Кадыровна.
Дагадоуьйту, дуьненан чемпионат йолаялале оьрсийн юмористо Слепаков Семена забарен йиш яьккхира Оьрсийчоьнан футболан тобанах. Цуьнан тренер вара Кадыров.