Киеван апелляцин кхело набахтера аравалийтина Оьрсийчоьнан федералан кхерамамазаллин сервисан (ФСБ) дехарца лаьцна волу нохчо Бельтоев Ислам. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", цуьнан адвокатана Симоненко Златина тIе а тевжаш.
Цо дийцарехь, Бельтоев аравалийтина талламан изоляторера, шен цIахь лаьцна латтор веза аьлла сацам а бина. Хууш ма хиллара, иза Украинехь вехаш ву шен доьзалца.
Бельтоевн адвокаташа чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша Бельтоев дIавоьхуш ву политикан бахьанашца. Карарчу хенахь ФСБ-но иза лехар бух болуш ду-дац къостош бу талламхой.
Интерполе лехаме велла волу 24 шо долу Бельтоев Ислам лецира Укранин дозанхоша Борисполь кеманийн портехь кхушеран Дечкен-баттахь. Иза цига кхаьчнера, Истанбулехь кема а хийцина, Бангкокера Киеве вогIуш.
Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла.
2013-чу шарахь дуьйнна шен доьзалца махкал араваьлла Бельтоев ваьхна Туркойчохь а, Мисарахь а. Цигахь Iамийна цо Iарбийн мотт а, динан Iилма а.