2004-чу шарахь Бесланерчу школана дина тIелатар таллархьама йиллина "Бесланан бакъдерг" сайт дIакъовлар тIедожийна Роскомнадзоро, хаамбина сайт лелочу Литвинович Маринас. Бахьана - школана тIелатар динчийн йозанаш оцу сайтан агIоне дахар ду.
Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Басаев Шемала яздинчу кехатан чулацам бовзийтира 2006-чу шарахь кхеташонехь прокуроро Семисынова Марияс. Амма, "Бесланан бакъдерг" сайто чIагIдарца, Семисыновас дIадешна протокол оцу кехат тIехь хиллачуьнца цхьана догIуш дац. Нохчийчуьра тIом саца а бай, шайна суверенитет ялар доьхура Путине кехат тIехь Басаевс.
Хьалхо зорбанашкахь яздира, 2005-чу шарахь "Бесланан бакъдерг" сайт тIера йоллу информаци хакерша хIаллакйинера аьлла.
Ткъа 2006-чу шарахь Литвиновича хаамбира, шена тIелатар дарх. Цо дIахьедарца, Бесланехь а, Москох дина теракташ толлуш, цо бечу балхаца доьзан дара и.
2000-чу шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош дIалецира Бесланера № 1 школа. ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лехийтарш дира школи чохь, цул тIахьа штурм йира эскарша.
Вийра цигахь 334 стаг, шайлахь 186 бер а долуш. 810 кеп-кепара чевнаш йира.