Оьрсийчохь Красноярскерчу махкахь 18 стаг велла, Ми-8 беркема чудожар бахьана долуш. И беркема хилла Utair компанин. Оцу тIехь берш хилла махкадаьттан маьIдане буьгуш болу белхалой.
Цкъачунна болчу хаамца, хьалагIоттуш беркеман пиллигаш хьакхаделла, жимма хьалхо айаделлачу кхечу беркеманно дIахьочу киранах. ШолгIа МИ-8, ша айина кира дIа а хецна, охьахиъна. Цу чуьра пилоташ кIелхьарбевлла.
Хилларг толлуш бу талламан комитетан белхахой.