ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхочух Орлов Олегах гIуда хьарчийна


Бакъонашларъярхо Орлов Олег
Бакъонашларъярхо Орлов Олег

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран Къилбаседа-Кавказерчу программан куьйгалхочунна Орлов Олегна 10 эзар сом гIуда тоьхна кхело, Титиев Аюбана гIо лоцуш, пикет дIаяхьарна. Шена тIехьарчийна 10 эзар бакъдо Орловс. "10 эзарна тIера 20 эзаре кхаччалц барамехь тухуш ду гIуда, суна лахара тоьхна", - аьлла Орловс.

Шайн нохчийн коллега Титиев маьршаваккхар тIедожош Москох пикете арадаьллера бакъонашларъярхо Ганнушкина Светалана а, Орлов Олег а дахначу кIирандийнахь. Дукха ца Iаш полицино дIалаьцнера и шиъ.

Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб. Наркотикаш лелийна аьлла, бехк хьарчийна цунах. Итт шо гергга хан йогIу цунна, лелачу низамашца. Бакъонашларъярхой тешна бу, Iедалхоша дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG