Шеман Идлиб провинцерчу тIеман тобанийн векалша дIахьедар дина, шаьш Туркойчоьнца юххера юкъаметтигаш латто дагахь ду, Хонкъаро а, Москохо а дина маслаIат кхочуш деш аьлла. Уьш дагахь бу меттигера бахархой тIамах хьалхабаха, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, "Къоман маршонан фронтана" тIе а тевжаш. Цу вовшахтохараллана юкъахь ю Iамерко гIортор еш йолчу Шеман Маьрша Армин духаха йолу фракцеш.
Цуьнан векалша хаам бина, шаьш кийча ду "Оьрсийчоьнан векалша а", ГIажарийчоьно а, президенто Асад Башара а тешнабехк бан хила мегаш хиларна аьлла. Оппозицин дIахьедарехь дуьйцуш ду, шаьш герз кийча латтош хиларх лаьцна, нагахь маслаIат дохадахь шайн латта лардан аьлла.