ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь тIеман гIуллакх Iамор юкъадаккха деза аьлла хета Кадыровна


ТIеман ловзаршкахула бераш жимчохь дуьйнна хууш хила деза герз лело а, эскархочун гIуллакх девзаш хила а аьлла, йоза дитина социалан машанерчу "ВКонтактехь" Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Ша бакъволу къонах даим а кийча хила веза шен даймохк ларба. Муха хуур ду царна, школашкахь тIеман гIуллакх хьехар а, "Зарница" къийсадалар а дицдина хилча, ткъа эскаршлахь берриг а бохург санна контрактхой хилча", - яздина Кадыровс.

Ишта мехкан куьйгалхочо билгалдоккху, ша тIеман конфликташна дуьхьал хилар.

"Дуьненахь цхьанна а лууш хир дац суна санна, тIемаш ца бийла. Ца лаьа суна тIемашкахь дакъалацархьама вайн берийн герз караэца хьашто хила а. Амма машар, токхо латтийта, массо а гIаролехь латта везаш ву",- яздо Кадыровс.

Ишта Нохчийчуьнан урхалхочо билгалдаьккхина, латархочо Эдилов Iабдул-Карима куьйгалла а деш, шен кIентий берийн тIеман кепехь ловзаршкахь Iамош хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG