ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гавел Вацлаван цIарах совгIат дина Титиевна


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Гавел Вацлаван цIарах Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) бакъоларъяран совгIат дина Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна. Оршотдийнахь Страсбургехь схьайиллинчу ПАСЕ-н сессехь дIакхайкхийна цунах организацин куьйгалхочо Паскье Лилиан Морис. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн трибуни тIера дIабовзийтира Титиев Аюба бина кхайкхам.

Нохчийчохь "таIзар доцуш лелочу харцонех", политикан бух тIехь дуьхьалдохучу бехкзуламан гIуллакхех яздинера бакъонашларъярхочо. Шена дуьхьал айдина гIуллакх, байина нах схьалоьхуш, тIеман шерашкахь байинчарна бехкенаш лоьхуш, ша бен болх бахьана долуш бина бекхам лору Титиевс. Цо карладоккху бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья ер а.

Дечкен-беттан 9-чохь марихуана яьккхина цуьнгара аьлла, бехк хьарчийна, чохь латтош ву Титиев Аюб. Наркотикаш шена кхийсина ю аьлла бакъонашларъярхочо. Карарчу хенахь Нохчийчохь дов хоттуш ду цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG