ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

3500 эзар соьмах хене валар


Базарахь эцар гIоле хета дукхахболчарна, цигахь мехаш лахара хиларна
Базарахь эцар гIоле хета дукхахболчарна, цигахь мехаш лахара хиларна

Махкара ах бахархой оцу алапах хене бовлалур бац аьлла, тешна бу Къилбаседа ХIирийчохь

Гарзанаш а, сурсаташ а юуш, 3500 эзар соьмана цхьана баттахь хене вала тарло аьллачу Саратовн кIоштан къинхьегаман а, социалан хьаштийн а хиллачу министрна Соколова Натальяна оьгIазбахначу бахархоша цунна лерина меню хIоттийра.

Бакъду, ма-дарра аьлча, эзарнашкахь доьзалш бу тахана кхо бIе ах бIе соьмах доьзалш кхиош.

Алагирера Ирина кхача кечбечохь болх беш ю. Кху заманахь уггар а лакхара алапа даларца лоруш ю и корматалла.

Бераш кегий а хиларна, кхи гIо дан уллохь накъост а вацарна, дийно сарралц болх бан таро ца хуьлу цуьнан. Цундела ХIирийчуьрчу алапийн барамашца дуьстича, лахара алапа яздо цунна – 11 163 сом. Каракхочург кхи а кIезиг ду. Нанас гIо до цунна юкъ-кара. Иринас динчу жамIашца, юучунна-молучунна баттахь цхьана стагана цо духкург 3500 а лахара нисло.

"Дукха хан ю суна ахча кхоо Iемина, - дийцира цо "Кавказ.Реалиига. – Кхи башха хала а дац хьуна лол бетта, хьо дIавоьллачул а тIаьхьа. Уггар коьртаниг- хьуна хаа деза, стенгахь, хIун эца оьшу. ХIокху туьканахь тIо борах хуьлу, вукха туьканахь хасстоьмаш эцар гIоле ду. Денна ахь оьцучу массо а хIуманийн мехаш хаа дезаш ду хьуна, тIаккха атта хуьлу, туьканашкахь акцеш кхийкхор пайден ду я дац тIекхиа".

Сиха телхаш йоцу сурсаташ тIаьхьалонна акцешкахь оьцу ша боху Иринас. Масала, консерван банкаш 30 процентна мах охьабаьккхинчу заманчохь иттанашкахь оьцу ша боху. Мацца йиъна а яанза юьссур ма яц уьш боху цо.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу туьканашкахь цхьатерра бохург санна ду сурсатийн мехаш. 32 соьмах эца тарло шура. ХIоаш 55 соьмах. Бепигах 20 сом доьху.

Билгалдаккха догIу, акцешкахь хуьлу сурсатийн мехаш ца дийцича, федералан генашца йолчу туьканашкахь оццу сурсатех долу мехаш лакхара хуьлу, меттигашкарчу туьканашкахьчул а.

"Иштта массара а лело маркетинган кепаш ма ю уьш, - дуьйцу портална федералан гаран цхьахйолчу туьканарчу йохкарчохочо. – БогIушшехь цхьаъ эца чубаьхкина нах акци ю аьлла, мехаш охьадаьхна кхи хIума ца оьцуш дIа ца боьлху. Шайна зенаш а деш цхьана туькано бийр ма бац болх", - элира йохкархочо.

Цхьана кIиранчохь шозза туькана йоьду ша боху "Кавказ.Реалии" хьостаца къамеле яьллачу Иринас. 700-800 соьмана хуьлу цуьнан чек, туьканашкахула чекхъяьлча.

"300 соьмах кила жижиг, я 220 соьмах котаман жижиг оьцу ас.ТIаккха ахкила аьхьна жижиг оьцу 140 сом лой. Картолаш, гарзанаш эца меттиг болуш бу сан. Цигахь 25 соьмах хуьлу уьш. Наьрсийн мах хIинца 35 бу, помидораш 60. Цхьа наггахь сайн хан хилча, Iуьйрре йоьдий, туьпахь оьцу ас уьш. Цигахь стоьмаш а, хасстоьмаш а дуккха а, дуккха а йорах эцало", - дийцира Иринас.

Къамел динчу зудчо керла хаамаш ца боьшу, Саратоверчу министро аьллачух а ца хезна цунна. Амма инзаръяьллера иза, шега дийцича.

"Ах пачхьалкх ма ю цо дуьйцучу 3500 хене юьйлуш, - боху Иринас бIобуллуш. – Министро ишта бохуш товш дацара, ма дарра аьлча, вайн дахар ма ду цо дуьйцург. Гарзанаш а, сурсаташ а эцча долуш ма дац. Берашна чай мала кхалла хIума ца йохьуш со цкъа а ца йогIу туьканара", - дийцира Иринас.

Ах пачхьалкх 3500 бен кхи тIе богIуш пайда а боцуш, хан токхуш бу аьллачу Иринас тIех дестийна бахахь а, цуьнан дешнаш талларахьама хьажа мегар ду Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархойн белхазаллина тIехь терго латточу Комитетан статистике.

Кеп-кепарчу говзаллашца болу нах балха кхуьйкхучу тептарехь уггар а лахара алапа долу меттигаш карайо. Ю царлахь - лорйишан, рентгенлаборантан, врач- травматологан, дерматологан, неврологан, хьехархочун, ишта пиар-менеджеран а говзаллаш.

Оцу билгалъяьхначу меттигашка балха боьлхучарна а, схьахетарехь, довза догIу хиллачу министрна Соколова Натальяна дина хьехарш.

Могушаллина зен а ца деш, 3500 соьмах батте муха яла еза дийцинера цунна лоьраша. И хьехарш пайден хир ду Къилбаседа ХIирийчохь лакхахь билгалъяьхначу метигашка балха боьлхуш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG