ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчийн кегийрхоша йоккха стаг кIелхьараяьккхина


СаидовгIеран вежарий Iадлан а, Бекхан а (аьрру, аьтту агIор), юккъераниг Венерчу нохчийн, гIалгIайн кхеташонан векал
СаидовгIеран вежарий Iадлан а, Бекхан а (аьрру, аьтту агIор), юккъераниг Венерчу нохчийн, гIалгIайн кхеташонан векал

Кху беттан 1-чу дийнахь Венехь догучу цIа чуьра йоккха стаг кIелхьараяьккхина нохчий лийхира Интернетехь масийтта дийнахь, дуьйцу "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто.

Полисхоша дийцарехь, нах чохь бехачу доккхачу цIа чуьра шолгIачу гIат тIерачу петар чохь яьлла хиллера цIе. Луларчу хIусамашкахь бехачарна гина хиллера цIеяйархой схьа а кхачале чуьра хьалаоьху кIур. Орцахваьллачу кхаа жимчу стага неI йохош, чу а лилхина, араяьккхинера 87 шо долу меттахь йиссина йоккха стаг.

Орцанхой тIекхаьчначул тIаьхьа кегийчу наха гIо дина хиллера кхечу хIусамашкара нах арабохуш а. ЦIе дIаяйинчул тIаьхьа тапъаьлла къайлабевлла хиллера нохчий. Инцидентан декъашхоша социалан машанашкахула лоьхуш бара кегийрхой. Венера нохчийн, гIалгIайн кхеташонан къаной юкъагIоьртича схьакарийнера уьш.

Болчу хаамашца уьш бу СаидовгIеран вежарий Iадлан а, Бекхан а, церан нуц Шидаев Аслан а. Кхи цхьаъ а хиллера цаьрца, амма шен цIе яккха ца лаарна, иза къайлехь вуьссу.

Шаьш динарг кхи доккха хIума а дацара, цундела цунах дийца дагахь дацара шаьш аьлла Саидов Iадлана.

Цу дийнахь догучу цIа чуьра кIелхьараваьккхина исс стаг а, ши цициг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG