ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчуьрчу ФСБ-но лоьху зуда цхьа шо хьалха елла Шемахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу ФСБ-н урхалло кхайкхам бина цу республикерчу бахархошка, дуьненаюкъарчу терроран цхьаьнакхетараллех дIакхетта хилла ши жима зуда йолу меттиг хаийта аьлла.

Кавказ.Реалиино яздарехь, хIирийн муфтийс Гацалов Хьаьжмурда хаам бина цу портале, цу шиннах хьалха маьждиге лелаш хилла цхьа зуда цхьа шо хьалха Шемахь елла аьлла.

Муфтийс дийцарехь, иза шен хIусамдена тIаьххье Шема яхана хилла, бераш а эцна. И стаг ХIирийчуьра вахархо ву. Шема тIаме ваханчохь вийна иза.

Гацаловс дийцарехь, ФСБ-но лоьхуш йолу зуда елла госпиталехь диабет олучу цамгарх. Болчу хаамца цуьнан гергарнаш цIадало гIерташ ду цуьнан бераш.

ФСБ-но лоьхуш йолу шолгIа зуда ца евза шайна, боху ХIирийчоьнан муфтийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG