ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенкоца къамелдан ша реза хIунда вац хаийтина Путина


Iаьржачу хIорд тIехь лаьтта конфликт ерзон Iалашонца Украинан президентца Порошенко Петрца телефонехула дийцарш дIадахьа ша дуьхьал хиларх кхетийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмимира.

"Цуьнан харжамийн кампанехь дакъалаца ца лаьа суна", - дIахьедина Путина, яздо "Новости" агенталло. Порошенкос хьалхо дIахаийтира, Керчан гечонехь инцидент иккхинчул тIаьхьа Путинца телефонехула къамелдан гIоьртира ша, амма цо жоп ца ло аьлла.

Оьрсийчоьнан президента чIагIдарца, украинхойн цуьнан коллегас кризисе хьелаш хIиттадо, цул тIаьхьа "ша мел сихонца проблемаш ерзайо гайта гIерта".

Украинан эскарийн буйранчаша хьалхо хаамбира, герзаш а тухуш, Украинан кхо тIеман хIорда кема лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь, аьлла. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.

ТIаьхьо оьрсийн кхело Ураинан 24 хIордхо шина баттана чохь сацош сацамбира. 6 шаре кхаччалц хан кхачайо царна, бакъо йоцуш Оьрсийчоьнан доза хадийна аьлла, бехкебарца.

Малхбузен пачхьалкхийн лидерша катоххий хIордхой маьршабаха аьлла, тIедожийна Москохна.

France 24 канална еллачу интервьюхь а аьлла Порошенкос, муьлххачу а форматехь ситуаци ерзо лаам болчу шеца къамел дан реза вац Путин.

Конфликт иккинчул тIаьхьа Украинан масех регионехь тIеман хьал кхайкхийна. Лакхарчу Радас Зазадоккхучу-беттан 31-чохь дIабахьа кхайкхийна Украинан президентан харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG