ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток ялар меттахIоттийна Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь


100 эзар гергга стаг ток йоцуш висинера Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь. Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан аналитикан центро бинчу хаамца а догIуш, тIе йогIуш ток йоцуш дисина дара Соьлж-ГIала - ГРП-110 а, Плиево – СемаIашка а, СемаIашка - ГРП-110 а олу онда ток лела серий.

Цу кепара электросерлонах кхачо ялуш яцара ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь.

ТIаьххьара болчу хаамца ток ялар юхаметтахIоттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG