ГIалгIайчуьра схьаваьлла 39 шо долу Акиев Руслан бехке вац аьлла, сацамбина Киеверчу апелляцин кхело. Цунна бехкедиллинера бакъо йоцуш герз лелор. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам ша Акиевс.
"Оцу цхьана артиклца бехк биллинера суна. ХIинца сан бехк цахилар тIечIагIдина", - аьлла цо. Адвокато Симоненко Златас а тIечIагIдина, Акиев бехказвоккхуш кхелахойн сацам хилар.
2017-чу шеран гурахь Днепровскан кхело герз лелийна аьлла, гIуллакх дуьхьал долийна, чохь латтон Акиев Киеверчу апелляцин кхело дIахийцира Дечкен-баттахь. Украинан къайлахчу сервисаша шеконашка эцнера иза, зуламан тоба а кхоьллина, бандиталла лелош хилла аьлла. Амма кхелехь тIечIагIдан тоьшаллаш ца хилира. 2018-чу шеран Чиллан-баттахь иза чохь латторан хан чекхъяьллера цуьнан.
Оьрсийчоьно бехкево Акиев, гIаттамхойн тобанехь латтарна а, тIехь нах болчу автобусна тIелатар дарна а.