Туркойчуьрчу Адана провинцехь полисхоша антитерроран кампани дIахьочу юкъанна дIалаьцна Нохчийчуьра орамаш долу стаг. Керла шо тIекхочучу заманчохь теракташ дан Iалашо хиллачух тера ду цуьнан, яздо хаамийн гIирсашкахь. Haberturk гIирсо яздарехь, экстремистийн "Хайят Тахрир аль-Шам" тобанан декъашхо ву дIалаьцнарг. Хетарехь, иза хилла Керлачу шарахь лелхийтарш дан кечлуш. ЦIе йоккхуш яц лаьцначун, Г.А аьлла, язво иза зорбанашкахь.
Шемарчу тIемашкахь хилла ву каравеанарг, уллорчу уьйрашкахь хилла иза стохка Истанбулерчу буьйсанна самукъадоккхучу Reina клубехь нах байина аьлла, лаьцначу Узбекистанан вахархочуьнца Машарипов Iабдулкъадирца а, тIечIагIдо Haberturk хьостано.
Машарипов ваьхначу Истанбулерчу хIусамехь пIелгийн лараш карорца дIалаьцна ву Оьрсийчоьнан вахархо дIахьедо "Кавказ.Реалиин" портале Туркойчохь болх бечу нохчийн журналисто Исаев Сосланбека.
"ПIелгийн таммагIаш бахьана долуш дIалаьцна ву иза. Ткъа кхидерг – Туркойчохь "совгIаташ" дан кечлуш хила бохург, талламчашна хетарг ду. Къаьстина ду, Къидбаседа Кавказерчу "Ал-Къайдан" цхьана декъехь лаьтташ хилла иза, ткъа 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалш шена тIаьхьадевлча, Туркойчу ведда вахана хилла иза. Харц кехаташ а кечдеш, дукхазза Шема а, Мисара а лелаш хилла бехкевийриг. Цигара юха вогIуш а хилла", - дийцина Исаевс.
Журналистна хетарехь, исторехь цхьа "нохчийн лар" лехар оьшуш дац.
"Туркойчоьно "Ал-Къайдаца" возуш лору иза, нохчашца воьзна ца хета царна иза. Нохчо ву бохуш, билгалдаккхар а тидаме оьцу хIума дац, аэропортехь динчу терактехь а санна. Нохчий бехкехилла оцу терактна аьлла, цхьа тоьшалла дацара. Хан тоьхначарлахь цхьаъ вац нохчо, бацара нохчий тешашлахь а ур-аттала", - дуьйцу Туркойчуьрчу журналисто.
Дагадоуьйту, нохчийн гIаттамхошлахь лелла, Тбилисехь леринчу операцехь вийна Чатаев Ахьмад туркойн Iедалша бехке лорура 2016-чу шарахь Истанбулехь динчу эккхийтаршна.
Вуьйцучу Г.А-с чIагIдо, террорхойн организацешца шен гIуллакх хилла дац бохуш.
"Со кхеташ вац, Машарипов ваьхначу петар чохь сан пIелгийн лараш муха карийна. Со даIишца а вац, я "Ал-Къайдан" декъашхо а вац. Туркойчохь тIелатарш дан кечлуш а вацара, со кхузахь йохка-эцар лелош вара", - аьллачу Нохчийчуьрчу вахархочун дешнаш далийна пачхьалкхан Anadolu информацин агенталло.
Оцу юкъанна, агенталло зорбане даьхна, гIаттамхошца цхьана даьхна Г.А-н суьрташ. Ишта Anadolu-с, прокуратуран хаамашна тIе а тевжаш, яздо, лаьцначуьнгара схьаяьхначу терахьийн материалаштIехь куьйгаечу бомбанийн суьрташ хиларх.
Истанбулехь куп тоьхначу нохчийн диаспоран куьйгаллана хууш хIуммаъ дац лаьцначух: туркойн полисхоша дIаяьхьначу операцех лаьцна "Кавказ.Реалиига" ала дош ца карийра царна.