Газах дIадаланза дисина декхар дита аьлла Нохчийчуьрча Iедалша бинчу кхайкхамна жоп делла Кремлан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Иза вуно хала хаттар ду аьлла хета цунна.
Песковс цу хьокъехь тидам тIебахийтина, и ахча схьадогIур хиларе сатуьйсуш йолчу "Газпромана" хетачунна.
Маршо Радионо хьалхо яздина ма хиллара, халкъ гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина хиларх махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха.
Оццу хенахь Нохчийчуьра бахархой кхеташ бац шайна тIехьарчийна 9 миллиард сом декхар мичара даьлла, яздо "Кавказский узело". Цу зорбанан гIирсо хаттарш деллачу нахах цхьа а стаг вац тIехь декхар долуш. Нохчийчуьрчу бахархоша цхьа а сом шайна тIехь ца дуьтуш дерриг ахча дIаделла аьлла хета царна, Iедалша мало ца еш цу тIехь болх бина хиларна.