Латвин пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо а, конституци ларйон бюроно а кхечу къаьмнашна бечул алсам талламаш бо Нохчийчуьрчу бахархошна виза я тховкъело йоьхуш дехар динчул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам бо "DELFI" зорбанан гIирсо. Изза кеп лелайо луларчу Дагестанера а, ГIалгIайчура а, Къилбаседа ХIирийчура а бахархшца а.
Низамца а догIуш, Латвин пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо а, конституци ларйон бюроно а хIора кхо шо даьлча хийца безаш бу шайн пачхьалкха чубогIучу нахана хIиттош болу билламаш.
ТIаьххьара бинчу хийцамашца, кхин тIе таллам бан оьшучу нахана юкъара дIабаьхна Латвин Iедалша ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а бахархой. Лерринчу сервисаша дийцарехь, раж къадъяр доьзна ду цу шина регионера кхерам хиларца доьзна хьал тодаларца.
Латвин Iедалан векашна хетарехь, Къилбаседа Кавказерчу тIеман конфликтан Iаткъам тIаьхьарчу хенахь хаалуш бу коьртачу декъана Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь.