Кхоъ терроран артикл ю Витаев Саламан гIуллакхехь: экстремистийн некъаш лелор а, Шемарчу тIамехь дакъалацар а. 2017-чу шарахь Москоха тIедожийра катоьхна Витаев схьало аьлла. Оццу шарахь Нюрнбергехь дIалецира нохчо. Цуьнан материалашкахь яздина дара "red notice". И бохург ду, иза чIогIа кхераме а ву, маса дIалаца везаш а ву.
Масех баттахь Салам чохь а латтош, листира цуьнан гIуллакх. Витаевн адвокато бахарехь, немцойн Iедало шайга Оьрсийчоьно цунна бехкаш дохкуш даийтинчу кехаташлахь, цхьана а кепара иза бехкехиларан тоьшаллаш ца го шайна аьллера.
Делахь а, дуьненаюкъарчу полицин лехамашкахь висина Витаев хIинца а. Цуьнан адвокаташа дийцарехь, Интерполон тептарера иза дIаваккха цхьа хан а, бюрократин процедура а оьшу.
Витаев Саламца цхьана хилла бохуш вуьйцу ницкъахоша Алтамиров Ахьмад. Боснис а, Герцеговинас а Оьрсийчоьне дIавелира иза, цундела ша рогIера хир ву дIалучарех аьлла, шеконаш яра Витаевн.
Шен бехкзуламан гIуллакхна юкъа валийна Алтамиров, шена дахарехь цкъа а гина стаг вац боху Саламус. Ур-атталла, Шемахь а хилла вац ша бохуш, чIагIдо цо.
Талламчийн версица, иза а, Алтамиров а оцу пачхьалкхе тIаьхьий, хьалхий кхаьчна, ши шо башхалла а йолуш. Оцу хьелашкахь муха нисделла шина нохчочун вовшахкхета а, тIом бан а, прокуратурано дуьйцуш дац.
Жимчу стеган доьзална а цхьана кочаихира Iедал даймахкахь. Тахана а кест-кеста Витаевн нана ехачу хIусаме кхочу полисхой. Даим а хоттург цхьаъ ду цара: стенгахь ву хьан кIант? Церан хеттарша са кхачийначу зудчо, ша хIинццалц а хиллачохь ву шен кIант олий, жоп ло.
Шен маршонна а, синна а сагатдеш Витаев Салам веха масех шо а ду. ТIаьххьалц Оьрсийчуьрчу полисхоша кхерамаш туьйсура шена боху цо.
"Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан йогIу суна бохура цара, террорхойн тобанаш дузархьама, кегийрхой ас юкъаийизийна бохуш. Кхаа артиклца бехкаш ма ду соьга кхийдош", - боху Витаевс. Амма ша бехке вац боху цо а, цуьнан агIончаша а.
"Талламхой суна тIаьхьабовлар хIун ду аьлча, шайн "план" кхочуш а йина, рогIера седа баккха хьийза уьш. И ю церан интерес! Кхи цхьана хIуманна оьшуш вац со. Нохчийчуьрчу Iедалхойн харцонаш Iорайоху Абдурахманов Тумсо оьшшучул а оьшуш ма вац со. Оьрсийн Iедал хIинца сайна тIаьхьара дер ду аьлла-м хета суна", - боху Витаев Салама.
Ненаца иза къамел дечу юкъанна кхечира цуьнга, хьо Оьрсийчоьне дIалуш вац аьлла, кхаъ.
"Сан адвоката телефон тIе хаам баийтира соьга. Оццу минотехь сайн ненаца къамел деш воллура со. Цунна а хезаш, дIабийшира ас хаам. Сан нанна Iаламат боккха кхаъ хиллера цунах. Воккхавуьйш со суо а вара, тIаьххьарчу заманчохь цунах лаьцна ойланаш кIезиг еш воллушехь а", - дийцина Витаевс.
Карарчу хенахь, кхиболу мухIажирш а санна, Германехь дIадоьдучу дахарехь шена а меттиг лоьху Витаевс.
"Немцойн мотт Iамош ву со, сайн доьзална хан а карайо суна. Немцойн грамматика цкъачунна караерзийна яц ас, "штрасшуле" бу ас буьйцу мотт, аьлча а, арахь-чохь буьйцучу кепехь. Киношка хьоьжу со, газеташ доьшу, туькана а лела", - аьлла, дийцина Витаевс шен керлачу дахарх.