Яхначу буса Астраханан кIоштахь хиллачу некъан инцидентан хьокъехь талламаш болийна регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. «Астрахань - Кочубей - Кизляр — Махачкала» трасси тIехь 51 шо долчу Астраханан вахархочо урхалла ден «Volkswagen Polo» машен бетонан дуьхьалонех кхетта.
Соьлжа-ГIала йогIучу машен чохь хиллачу 5 стагна чевнаш йина кеп-кепара. Хилла пассажирашлахь Нохчийчуьра кхо вахархо а.
16 шо долу нохчийн кIант кхетамчуьра ваьлла, дарбан цIийнехь Iуьллуш ву.
Йолчу информацица, машенна урхалла дечунна тоьхна, хIинца а такхаза дисина ворх гIуда хилла, кеп-кепара некъан бакъонаш цо ларйина цахиларна.